Лулахочун декхарш

Внимание, откроется в новом окне. PDFПечатьE-mail

بسم الله الرحمن الرحيم

Бисмиллах1иррохьманиррохьим

Лулахочун декхарш

Хастам бу Далла, 1аламаш кхоьллина кхобуш-кхиош волчу, Ша хьарам динарг вайна зуламе динчу, Ша хьанал динарг вайна масла1ате, беркате а динчу, лулахойн декхарш кхочуш дар Ша цхьаъвинчарна важиб динчу. Делера салам-маршалла хуьлда вайх къинхетам беш ваийтинчу Элчанна, цуьнан доьзална, цуьнан асхьабашна, царна нийсонца къематде кхаччалц т1аьхьабаьзначарна а.

 

Хьуна хаийла: лулахь хиларо декхарш т1е эгадо, бусалба вежараллин декхарел сов даьхна. Х1ора бусалба стагана т1ехь долу декхар ду  бусалба лулахочунна т1ехь, цул совнаха лулахь хиларан декхар ду цунна т1ехь. Цо вежаралла лелоран мела эша ца беш, цул совнаха лулахочун декхарш кхочушдаран мела бу Дала цунна луш. Лулахь хиларан декхар шегара бохам ца хилийтарна т1ехь кхачалуш дац. Иза шена хуьлуш долчу халхетаршна т1ехь собаре хилар, шен лулахо, хала валахь а, цунна г1о дар ду, къинхетаме хилар, дика х1ума дарехь хьалхавалар, лулахочунга хьалха салам далар, цуьнца къамел цадахдар, иза цомгуш хилча цуьнга хьажа вахар, цуьнга бала кхаьчча цуьнан дог хьастар, цунна хазахетар хилча и декъал вар, цуьнан ледарлонаш ца лехар, цуьнан х1усмаш чу къайлаха цахьежар, цуьнан пенаш т1е совнаха х1уманаш цатийжаяр, цуьнан уьйт1а хиш ца кхийсар, цуьнан кет1ахь хатт  цабаржор, цо шен керта йохьучу х1умане б1аьрг цабеттар, цуьнан сакхташ хьулдар, цунна ца деза хабарш цахазадар, лулахо ц1ера ваьлча цуьнан доьзална оьшучуьнга ладог1ар, цуьнан доьзалхочунца к1еда-мерза хилар, цунна ца хуург хьехар а цуьнан динан, дуьненан а белхашкахь. Адамийн синош ийманах дуьззина хилча, бусалба нах исламан низамехь бехаш а хилча, царна вовшашца долу декхарш девзаш, лардеш хуьлу, х1ораммо декхарш кхочуш дарехь сихо еш а хуьлу. Амма тахана х1оьттина долу дуьненан юкъара хьал дика хьал ду ала йиш йолуш дац, хазачу г1иллакхашна т1е безам бохуьйтуш а дац. Оцу хьоло адамех шен г1ирс бина, дуьненан дахарехь уьш б1аьрзе барца, церан коьрта 1алашо царна йицъярца. Оцу вуочу хьолан т1е1аткъамах къелхьара ца бевлла шайн синош динца кхиийнарш бен, Дела вовзаро шайн дегнаш нуьре динарш бен я яккхийчу шахьаршна генабевлла бехаш 1аш берш бен. Масала: латта лелорций, даьхни кхабарций хене бовлуш берш. Дукхахйолчу бусалба пачхьалкхашкахь оцу кхерамечу хьоло д1аяьхна адамийн г1иллакхаш лардаран бакъонаш. Оцу бакъонашлахь коьртачех, дезачех ду вай дийцина лулахочун декхарш. Х1унда аьлча лулахочун хьакъ доккха хилла дела жех1ал хенахь, цул т1аьхьа Исламехь а дисна иза къонахаллица а, доьналлица а доьзна долуш, хьекъало бакъдеш долуш хиларна. Ц1ена хилла долу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннат деана кхоччуш билгалдеш х1ара декхарш, къорггера цуьнан маь1на доккхуш. Дуккха болчу 1еламнаха, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш дийцинчара а лулахочун декхарш кхочушдар дийцина гергарло хоттар, дика 1амал яр а дуьйцучу меттигашкахь. Оцу декхарийн дозалла цара дийцина «Ийманан з1аьнарш» бохучу жайнахь, деккъа цуьнах лаьцна долчу жайнашкахь а. Царех ву  Имам Абу Ну1айм Аль-Асбих1аний, 430-чу х1ижрин шарахь д1акхелхина волу, Имам Аззах1абийю, 748-чу х1ижрин шарахь кхелхина волу, Имам Хьумайдийю, 219-чу х1ижрин шарахь кхелхина волу, уьш боцурш кхин а бу.

Иштта деза хилча лулахочун декхарш лардар, суна лиира цуьнах лаьцна къаьстина жайна яздан, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш, цуьнан асхьабийн дийцараш а далош, х1ара жайна дахдар я халдар а доцуш. Ойла ц1анъярца иштта жайна яздар суна хазделира.

Х1ай лараме ваша! Аса яздина  х1ара жайна ахь доьшуш дерг ду. Хьайна цунна чохь нийса дерг гучу далахь, Далла хастам бе ахь, Беркате, Лекхаволчу, нагахь  нийса доцург гуча далахь, соьга кхача там бу хьоьгара нийса хьехам, т1аккха Дала сан г1алатвалар нисдан герга ду, сан ледарлонна гечдан герга ду. Веза-Сийлахь волчу Деле доьху вай къинт1ера валар, гечдар, къинхетам бар, пайдехь дерг далар, мел балар а. Делера салам-маршалла хуьлда вайн Эла волчу Мухьаммадна, цуьнан доьзална, цуьнан асхьабашна а.

Сийдолчу Къуръан чохь лулахочух лаьцна

قال الله تعالى: "واعبدوا الله ولا تشركوا به شيئا وبالوالدين إحسانا وبذي القربى واليتامى والمساكين والجار ذي القربى والجار الجنب والصاحب با لجنب وابن السبيل وما ملكت أيمانكم إن الله لا يحب من كان مختالا

فخورا". النساء 36

Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аллах1ана 1ибадат де аша, Цуьнца накъост ма лаца цхьана х1уманна т1ехь. Дена-нанна, гергарчарна, буоберашна, мискачарна, гергахь волчу лулахочунна, генарчу лулахочунна, нийса накъостана, некъахочунна, шайн аьтто куьйгаш доладинчарна (лайшна) а дика хила шу. Баккъалла а, Далла ца веза куралла еш верг, ша-шех тамаш бийриг а». Сурат «Аннисаъ», 36-г1а аят.

Имам Къурт1убис «Аль-жами1у лимухькамил къуръан» бохучу жайнахь  аьлла: Веза-Сийлахьчу Дала Шен Къуръан чохь, Шен Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маттехула лулахо 1алаш ве, цуьнан декхарш кхочуш де, цуьнан сий а ларде аьлла, весет дарца омра дина.  Хьуна ца го Веза-Сийлахьчу Дала лулахочун декхарш ч1аг1дар- иза хьахорца да-нана, гергара нах хьехош болчу маг1арехь.

Цул т1аьхьа Къурт1убис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Х1окху аятан  ойла йича, лулахочунна дика хила аьлла дина долу весет-Дала шеца омра дина ду, и лулахо бусалба велахь я керста велахь а,- иза нийса дерг ду. Лулахочунна дика дар хуьлу я дог эцарца, я бертахь вахарца, я шегара зен ца далийтарца, я и кхечуьнан зенах ларварца.

 

Лулахо бохучу дешан маь1на

 

Лулахо бохучу дашо чулоцу бусалба, керста, Далла муьт1ахь верг, 1еса верг, доттаг1а, мостаг1, цавевзарг, юртахо, пайден верг, зене верг, гергарниг, хийраниг, х1усамна гергахь верг, генахь верг а. Лулахочун даржаш ду, цхьадерш вукхарел лекха долуш. Лакхарчу даржехь волу лулахо шегахь дерриге хастаме куьцаш дерг ву: Далла муьт1ахь, шен лулахочунна зене воцуш, г1уллаккхе хьожуш верг. Лахарчу даржехь волу лулахо шегахь лераме доцу куьцаш дерг ву: Далла 1еса, лулахь тешаме воцуш, накъосталла дарехь ледара верг. Х1оранан декхарш лардийр ду цуьнан хьоле хьаьжна.

Лулахо хиларан доза

 

Лулахо хиларан доза билгалдарехь 1еламнехан ойланаш екъаелла. Авза1ий бохучу 1еламстага олуш хилла, лулахо хиларан дозано чулоцу массо аг1ора шовзткъа ц1а. Авза1ис аьлларг Ибн Ших1аб бохучу 1еламстага а аьлла. Абут1алиба к1анта 1елас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: кхойкху хезехь верг лулахо ву. 1еламнехан цхьана тобано аьлла, ламазна беш болу кхайкхам хезаш верг, оцу маьждиган лулахо ву. 1еламнехан цхьана тобано аьлла, цхьана къоштахь я шахьарахь ваьхнарг, иза лулахо ву. Лулахь хиларан даржаш ду цхьадерш вукхарел герга долуш. Ибн Хьажарс «альфатхьу» бохучу жайнахь аьлла: шовзткъа ц1а аьтту  аг1ор, аьрру аг1ор, хьалхахула, т1ехьахула а,-уьш лулахой бу. Хьалиймийю бохучу 1еламстага «Ийманан з1аьнарш» бохучу жайнахь аьлла: новкъахь хьоьца волу накъост - лулахо ву, и шиъ цхьаьна волун дела, царшингахь вовшашна пайдабар, накъосталла дар а долун дела. Цундела Дала весет дина, некъахочунна дика хила аьлла. Дика хууш верг Дела ву.

Лулахочун декхарш, уьш лардаран дозалла а Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нийсачу суннатехь

1. Лулахочунна зен дар хьарам хилар:

عن أبي هريرة رضي الله عنه أن النبي صلى الله عليه وسلم قال: "لا يدخل الجنة من لا يأمن جاره بوائقه". رواه البخاري

Абух1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ялсмани чу г1ур ма вац шен лулахо шегарчу зуламах маьрша витина воцург». (Бухарис, Муслима а далийна хьадис)

2. Лулахочуьнца дика хила аьлла, весет дар:

 

عن عائشة رضي الله عنها قالت: قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "ما زال جبريل يوصيني بالجار حتى ظننت أنه سيورثه". رواه البخاري ومسلم

1аишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Джабраил малик соьга лулахочун хьокъехь весет дечура саца ма ца сецира, суна лулахочо соьх ирс оьцур ду мотталц». (Бухарис, Муслима далийна хьадис)

3. Лулахочунна зен деш волчунна наь1алт хилар:

عن أبي هريرة رضي الله عنه قال:

جاء رجل إلى النبي صلى الله عليه وسلم فشكا إليه جارا له فقال النبي صلى الله عليه وسلم - ثلاث مرات-

"اصبر" ثم قال له في الرابعة أو الثالثة-: "اطرح متاعك في الطريق" ففعل. قال: فجعل الناس يمرون به ويقولون: ما لك؟! فيقول: آذاه جاره. فجعلوا يقولون: لعنه الله! فجاءه جاره فقال: رد متاعك لا والله لا أوذيك أبدا". رواه أبو داود

Абух1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: цхьа стаг веара Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу, цо цуьнга балхам бира шен лулахочун хьокъехь. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнга кхузза элира: «Собаре хилалахь». Юха доьазлаг1а я кхоазлаг1а Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Хьайн чуьра х1уманаш новкъа йисте охьаяхка». Цо и кхочуш дира. Юха цо элира: дехьа-сехьа бовлучу наха хеттарш дора, хьуна х1ун хилла бохуш. Цо олура: «Сан лулахо соьца вуон ву». Цара олура т1аккха: «Делан наь1алт хуьлда цунна!» Т1аккха и лулахо т1евеара цунна, цо элира: «Хьайн х1уманаш чухьохьа, аса хьуна кхин цкъа а зен дийр дац аьлла, Делах дуй буу хьуна». (Абу Давуда далийна хьадис)

4. Лулахь саг1ийна х1ума ялар:

 

عن أبي ذر رضي الله عنه قال: إن خليلي صلى الله عليه وسلم أوصاني: "إذا طبخت مرقا فأكثر ماءه ثم انظر  أهل بيت من جيرانك فأصبهم منها بمعروف". رواه مسلم

Абузарра (Дела реза хуьлда цунна) аьлла, баккъалла а, сан доттаг1чо (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) соьга весет дина: «Айхьа жижиг тесна чорпа кхехкош, цуьнан хи алсамдаккхалахь, т1аккха хьо хьажалахь хьайн лулахь болчу доьзалшка. Цуьнах цхьа дакъа кхачийта ахь царна, юкъахь лелачу барамехь». (Муслима далийна хьадис) Кхечу риваятехь дийцина: «Х1ай Абузар, айхьа жижиг тоьхна чорпа еш хилахь, цуьнан хи алсамдаккхалахь, хьайн лулахошна кхачийталахь». (Муслима далийна хьадис) Кхечу дашехь аьлла: «Цунах кхачо хир ю хьуна, хьан доьзална а, хьан лулахошна а». (Ибн Хьаббана далийна хьадис).

5. Лулахочуьнца бертахь вахар:

 

عن أبي هريرة رضي الله عنه قال: قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "لا يمنعن أحدكم جاره أن يغرز خشبة على جداره". رواه البخاري ومسلم

Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шен ц1ийнан огана йисте дечиг охьайилларх шен лулахо вуха ма тохийла шух цхьаммо а». (Бухарис , Муслима далийна хьадис)

 

6. Лулахочунна зен ца дар ийманах ду:

عن أبي هريرة عن رسول الله صلى الله عليه وسلم قال: "من كان يؤمن با لله واليوم الآخر فلا يؤذ جاره". رواه البخاري ومسلم

Абух1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ша Делах а, къематдийнах а тешаш волчо шен лулахочунна зен ма дойла». (Бухарис, Муслима далийна хьадис)

7. Лулахойх диканиг:

 

عن عبد الله بن عمرو رضي الله عنه قال: قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "خير الأصحاب عند الله خيرهم لصاحبه وخير الجيران عند الله خيرهم لجاره". رواه الترمذي

1амран к1анта 1абдуллах1а (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Далла гергахь дика накъост - шен накъостана дика хилларг ву, Далла гергахь дика лулахо - шен лулахочуьнца дика хилларг ву». (Тирмизис далийна хьадис)

8. Лулахочунна зен дарехь к1еззиг х1ума дан а дац:

 

عن عبدة بن أبي لبابة رحمه الله قال: قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "لا قليل من أذى الجار". رواه إبن أبي شيبة

Абу Лубабатан к1анта 1абдата (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Лулахочунна зен дарехь к1еззиг  х1ума дан а дац». (Т1абаранис далийна хьадис)

9. Дика лулахо ирсах ду:

 

عن سعد بن أبي وقاص رضي الله عنه قال:  قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "أربع من السعادة: المرأة الصالحة والمسكن الواسع والجار الصالح والمركب الهنيئ وأربع من الشقاء: الجار السوء والمرأة السوء والمسكن الضيق والمركب السوء". رواه ابن حبان

Абуваккъасан к1анта Са1да (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Диъ х1ума ду ирсах: дика х1усамнана; парг1ате х1усам; дика лулахо; эсала т1ехуу х1ума а. Диъ х1ума ду ирс дарах: вуон лулахо; вуон х1усамнана; гатте х1усам; вуон амал йолу т1ехуу х1ума а». (Ибн Хьиббана далийна хьадис)

10. Лулахь вехаш волчунна дика болх бар:

 

عن أبي هريرة رضي الله عنه قال: قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "كن ورعا تكن أعبد الناس وكن قنعا تكن أشكر الناس وأحب للناس ما تحب لنفسك تكن مؤمنا وأحسن مجاورة من جاورك تكن مسلما".رواه ابن ماجه

Абух1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Делах кхоьруш хила  - нахах т1ех 1ибадат дечарах хир ву хьо. Долчух тоам беш хила  - нахал алсам шукар динчарах хир ву хьо. Хьайна дезарг нахана дезалахь, ийман кхоччуш хир ду хьан. Хьайн лулахь волчунца лулалла дика леладелахь, вуьззина бусалба хир ву хьо» (Ибн Мажах1а далийна хьадис)

11. Лулахочунна ямартло ярца къа сов долу:

 

عن أبي ظبية الكلاعي قال: سمعت المقداد بن الأسود يحدث أن النبي صلى الله عليه وسلم سألهم عن الزنا فقالوا: حرام حرمه الله ورسوله، فقال: لأن يزني الرجل بعشر نسوة خير له من أن يزني بإمرأة جاره. قال: وسألهم عن السرقة؟ فقالوا: حرام حرمها الله ورسوله. فقال: لأن يسرق الرجل من عشرة أبيات أيسر عليه من أن يسرق من بيت جاره". رواه أحمد

Абузабъята элира, суна хезира Асвадан к1анта Микъдада дуьйцуш, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) зинах лаьцна шайга хаьттира, аьлла. Цара элира: «Хьарам ду, Дала, Цуьнан Элчано а хьарам дина». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Къонахчо кхечу итт зудчуьнца зина дар къа хиларехь дай ду, цо шен лулахочун х1усамненаца зина дарал а». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) царга хаьттира х1ума лач1къорах лаьцна. Цара элира: «Хьарам ду, Дала, Цуьнан Элчано а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьарам дина». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Къонахчо кхечу иттанна х1ума лач1къор къа хиларехь дай ду, шен лулахочун х1ума цо лачкъорал а». (Бухарис далийна хьадис).

12. Шен лулахо меца а волуш, вуьзна ца хилар:

 

عن عبد الله بن مساورقال: سمعت ابن عباس ذكر ابن الزبير فبخله ثم قال: سمعت رسول الله صلى الله عليه وسلم يقول: "ليس المؤمن الذي يشبع وجاره جائع إلى جنبه". رواه البخاري

Мусавиран къанта 1абдуллах1а дийцина, Ибн-1аббаса Ибн Зубайр сутар ву аьлла, хьахош хезира шена. Ибн-1аббаса элира т1аккха, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезна шена: «Ийман диллина ма вац шен лулахо меца а волуш шен гай йузош верг». (Бухарис далийна хьадис). Х1окху хьадисехь билггал долу делил ду, шен лулахо меца волуш вуьзна 1ар хьарам дуй хоуьйтуш. Хьалдолуш волчунна т1ехь декхар ду, цунна мацалла юхатоххал, баа кхача балар, иштта цунна оьшуш долу духар далар а.

13. Лулахой безарца бен ийман дуьззина хуьлуш дац:

 

عن أنس رضي الله عنه عن النبي صلى الله عليه وسلم قال:"والذي نفسي بيده لا يؤمن عبد حتى يحب لجاره-أو قال: لأخيه-ما يحب لنفسه". رواه مسلم

Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Сан са карахь долчу Делах дуй ма буу ас, лайн ийман дуьззина хир ма дац, шена дезаш долу х1ума шен  лулахочунна (я шен вешина) дезаш иза вацахь». (Муслима далийна хьадис)

14. Лулахочо шена дина совг1ат к1еззиг ма хета, аьлла, зударшка весет дар:

 

عن أبي هريرة قال: كان النبي صلى الله عليه وسلم يقول:"يا نساء المسلمات! لا تحقرن جارة لجارتها ولو فرسن شاة". رواه البخاري

Абух1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хилла, аьлла: «Х1ай бусалба зударий! Шуна к1еззиг ма хетийла лулахочо шен лулахочунна луш йолу х1ума, иза уьстаг1а ког бен бацахь а». (Бухарис далийна хьадис)

 

15. Уллорчу лулахочун декхар совдаккхар:

 

عن عائشة رضي الله عنها قالت: قلت: يا رسول الله! إن لي جارين فإلى أيهما أهدي؟ قال صلى الله عليه وسلم: "إلى أقربهما منك بابا". رواه البخاري

1аишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, ша хаьттира, аьлла: «Х1ай Делан Элча, сан шиъ лулахо ю, цаьршиннах муьлхачунна совг1ат де аса? Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Хьайн наь1арна герга йолчунна». (Бухарис далийна хьадис).

 

16. Деле ша вочу лулахочух ларвар дехар:

 

عن أبي هريرة رضي الله عنه أن النبي صلى الله عليه وسلم كان يقول:" اللهم إني أعوذ بك من جار السوء في دار المقامة فإن جار البادية يتحول". حديث صحيح

Абух1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцира, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олура, аьлла: «Х1ай Аллах1 Дела, ас хьоьга со эхартахь вуочу лулахочух ларвар доьху, дуьнен чохь волу лулахо хийца аьтто болуш хилар». (Бухарис далийна хьадис)

17. Лулахь девне валар:

 

عن عقبة بن عامر عن النبي صلى الله عليه وسلم قال: "أول خصمين يوم القيامة جاران". رواه الطبراني

1амиран к1анта 1укъбата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Къематдийнахь уггар хьалха шайга дов хоттур дерг - ши лулахо ву». (Т1абаранис далийна хьадис).

 

18. Лулахочунна зен дар - жоьжахати чу ваха бахьана ду:

 

عن أبي هريرة رضي الله عنه قال: قال رجل: يا رسول الله! إن فلانة تكثر من صلاتها وصدقتها وصيامها غير أنها تؤذي جيرانها بلسانها. قال:"هي في النار" قال: يا رسول الله! فإن فلانة يذكر من قلة صيامها و صلاتها وأنها تتصدق بالأثوار من الأقط ولا تؤذي جيرانها. قال:"هي في الجنة" رواه أحمد

Абух1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана стага хаьттира, аьлла: «Х1ай Делан Элча! (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьана зудчо шортта ламазаш до, саг1анаш ло, марханаш кхобу, амма шен маттаца лулахошна зен до цо». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Иза жоьжахати чу г1ур ю». Оцу стага хаьттира: «Х1ай Делан Элча! (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цхьана зудчунна олу: цо марханаш к1еззиг кхобу, ламазаш к1еззиг до, к1олдан межарг боцург саг1ийна х1ума ца ло, амма лулахошна зен ца до цо». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Иза ялсамани чу г1ур ю». (Ахьмада далийна хьадис(

19. Лулахочо деш долчу халахетарна т1ехь собаре хилар:

 

عن أبي ذر رضي الله عنه قال: قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "ثلاثة يحبهم الله......والرجل يكون له الجار يؤذيه جاره فيصبر على أذاه حتى يفرق بينهما موت أوظعن". رواه أحمد

Абузарра (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: « Кхо стаг ву Далла дукха везаш...............Царех цхьаъ ву лулахь волу стаг, шен лулахочуьнгара халахетар  хуьлуш, оцу т1ехь собаре  волуш, валаро я кхелхина вахаро и шиъ вовшах къаставаллалц сатоьхнарг». (Ахьмада далийна хьадис)

20. Лулахоша тоьшалла дар:

 

عن ابن مسعود رضي الله عنه قال: قال رجل للنبي: كيف لي أن أعلم إذا أحسنت وإذا أسأت؟ قال:"إذا سمعت جيرانك يقولون: قد أحسنت فقد أحسنت، وإذا سمعتهم يقولون: قد أسأت فقد أسأت". رواه أحمد

Ибн Мас1уда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана стага Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира, аьлла: «Суна муха хуур ду со дика хилча я вуон хилча а?» Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Хьан лулахоша хьо дика ву, олуш хьайна хазахь, хьо  дика ву хьуна. Хьан лулахоша хьо вуон ву олуш хьуна хазахь, хьо вуон ву хьуна». (Ахьмада далийна хьадис).

 

21. Лулахо балех валар:

 

عن حذيفة رضي الله عنه قال: قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "فتنة الرجل في أهله وماله وولده و جاره تكفرها الصلاة والصوم والصدقة والأمر والنهي". رواه البخاري

Хьузайфата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Стаг шен доьзална, шен даьхнина, шен берашна, шен лулахошна бале ваьлча, цо дечу ламазан, кхобучу мархин, луш долчу саг1ин, дика х1ума де аьлла омра даран, вуониг ма де аларан а мел д1абоккху оцу балхо». (Бухарис далийна  хьадис).

 

22. Лулахочунна саг1а далар:

 

عن أبي سعيد الخدري رضي الله عنه قال: قال رسول الله صلى الله عليه وسلم: "لا تحل الصدقة لغني إلا في سبيل الله أو ابن السبيل أو جار فقير يتصدق عليه فيهدي لك أو يدعوك". رواه أبو داود

Абу Са1ида (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Хьалдолуш  волчо саг1а далар хьаналла дац, Делан некъахь бен я некъахочунна бен, я ша саг1а луш волчу къечу лулахочунна бен, хьуна совг1ат деш я хьо чукхойкхуш хилла волу». (Абудавуда далийна хьадис).

23. Лулахоша вовшашна г1одар:

 

عن عائشة رضي الله عنها قالت: "والله إن كنا لننظر إلى الهلال ثم الهلال ثم الهلال ثلاثة أهلة في شهرين وما أوقد في أبيات رسول الله نار قال: قلت: يا خالة! فما كان يعيشكم؟ قالت: الأسودان: التمر والماء إلا أنه قد كان لرسول الله جيران من الأنصار وكانت لهم منائح فكانوا يرسلون إلى رسول الله صلى الله عليه وسلم من ألبانها فيسقيناه". رواه البخاري ومسلم

1урвата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, 1аишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «Делах дуй ма буу ас, х1ай сан йишин к1ант, тхо хьоьжуш ма 1ара батте, цул т1аьхьара батте, цул т1аьхьарчу батте а: шина батта чохь кхуззу батте хьовсара тхо. Делан Элчанан х1усамашкахь ц1е латийна ма ца хуьлура». Аса элира: «Х1ай сан ненайиша, шу стенца хене довлура»? Цо элира: «Шина х1уманца - хурманца, хица а. Бакъду, Делан Элчанан ансарех лулахой бара, церан шура луш даьхни дара. Цара Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу шура йоуьйтура, т1аккха цо тхуна малайора иза». (Бухарис далийна хьадис).

 

Хьо лулахочунца муха хила веза - иза бусалба вацахь я суннат лелош вацахь, я Далла муьт1ахь вацахь?

 

Хьан лулахо бусалба а, суннат лелош а, Далла муьт1ахь волуш хилча, хьан декхар ду цуьнца вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лулахочун хьокъехь дина дерриге весеташ кхочуш дан. Амма хьан лулахо даккхий къинош деш велахь, цуьнца юкъаметтиг лелорехь хьуна ши некъ бу: 1. Нагахь лулахо ша деш долу къа нахана юкъахь г1ар ца далуьйтуш хьулдеш велахь, иза тергал ца веш вита ахь, цуьнца т1екре хилар доцуш. Нагахь цунна шенна хьехам бан тарлуш далахь, нахана гуш доцуш, иза ч1ог1а дика ду.

2. Нагахь иза шен 1есалла гучуйоккхуш велахь, ахчанна т1е риба (процент) яккхарца, я и санна, хьарам долчу х1уманашца, цуьнца йолу юкъаметтиг хадор ю ахь, девне ца вуьйлуш. Иштта юкъаметтиг лелор ю, нагахь иза ламаз дуьтуш велахь дукхах йолчу хенахь. Цуьнга диканиг де олуш, вуониг ма де олуш а омра де ахь юх-юха. Нагахь санна цо хьехам т1е ца лацахь, Делан дуьхьа иза д1атосур ву ахь. Ша д1атесча кхета а  кхетта, шегара 1есалла д1а а яьккхина, нисвала там бу иза. Бакъду, цуьнга вистхилар, салам далар, цунна совг1ат дар а хир ду хьан. Нагахь санна дика долчух гена ваьлла, 1есаллехь и ч1аг1веллехь, иза д1атаса ахь, хьайн ницкъ кхачахь, цуьнан лулара д1авала г1орта хьо. Вай хьалха дийцира,  Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Деле ша ларвар доьхуш хилар эхартахь вуочу лулахочух. Нагахь санна лулахо зударшца эвхьаз велахь, я шен х1усамненаца, доьзалца бала боцуш велахь, я цуьнан кхетам бусалба динца бог1уш бацахь, цунна гена вала хьо, хьайн х1усам цуьнца гергарло хиларх ларъе ахь. Оцу тайпана кхетам к1еззиг болчу нахехь боккха бохам бу. Хьайн г1ийла х1усам ларъелахь, цуьнан х1усаме ма г1олахь, цуьнца йолу уьйр хадае ахь хьайн ницкъ ма кхоччу. Нагахь хьан лулахо динехь ца йог1у 1амал еш велахь я динца нийса кхетам боцуш велахь, хьайн ницкъ кхачаран барамехь иза нисван г1орта хьо. Амма дийцарх иза кхеташ вацахь, хьо цунах херавала, иза волчу а ма г1о, цо дуьйцург нахана юкъахь бакъ ма де. Нагахь хьоьца лулахь, я базарахь, я бешаца волу лулахо жугти, я эрмало велахь, цуьнца г1иллакхе хила хьо, цунна зен дар доцуш. Бакъду, цаьрца церан деза денош даздеш, цаьрца уьйр лаьцна, уьш дагабоьхначун ийман г1еллур ду.

 

قال تعالى: "لا تجد قوما يؤمنون با لله واليوم الآخر يوادون من حاد الله ورسوله ولو كانوا آباءهم أو إخوانهم أو عشيرتهم أولئك كتب في قلوبهم الإيمان وأيدهم بروح منه". المجادلة 22

Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Хьуна карор ма бац Делах, къематдийнах а тешаш болу нах, Делаца, Цуьнан Элчанца а мостаг1алла долчарца гергарло лелош - уьш церан дай, я вежарий, я тайпана нах белахь а. Уьш бу шайн дегнаш чу Дала ийман яздинарш, Шегара нур даларца уьш ч1аг1бина Цо». Сурат «Альмужадалату», 22-г1а аят.

Нагахь хьан лулахь волу жугти я эрмало гергарчу нахах велахь, цуьнца долу декхарш кхин а дукха ду. Иштта хьукма хир ду, нагахь хьан да-нана бусалба дацахь. Цаьршинца, гергарчарца а лулахочун декхарш кхочушдина ца 1аьш, да-нана хиларан, гергара хиларан а декхарш лелор ду ахь. Бусалба боцчарга салам даларехь ду шен хьукма. Бусалба нахе санна, цаьрга салам хьалххе д1акховдо мегар дац, амма цара хьайга кховдийча, «ва1алайкум» аьлла, схьаоьцур ду. Амма мегар ду ахь цаьрга 1уьйре я суьйре дика ян, барамал т1ехвалар а доцуш.

 

قال تعالى: "فسوف يأتي الله بقوم يحبهم ويحبونه أذلة على المؤمنين أعزة على الكافرين". المائدة 54

Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Х1ай ийман диллина нах, шух цхьаъ шен дин дитина вухавалахь,  Дала кхин къам кхуллур ду, Шена дезаш, Ша  везаш. Бусалба нахаца к1еда болуш, керста нахаца шога болуш». Сурат «Альмаидат», 54-г1а аят.

Ийман диллина стаг шен бусалба вешица к1еда хила веза, керста стагаца цо юкъаметтиг латто еза, Дала шена оцу аятехь ма хьеххара. Амма бусалба стага шегахь  исламан хаза г1иллакх гайта деза, цунна т1е безам а бохуьйтуш, х1унда аьлча бусалба нехан хаза г1иллакх, церан вовшен сийдар, церан ц1ена лелар а бахьанехь дуккха наха бусалба дин т1елаьцна, нуьцкъаца я ц1ий 1анорца доцуш. Ткъа Далла гергахь бусалба стага шегара хаза масал гайтарца тилла стаг нийсачу новкъа ваккхарал деза х1ума дац.

Х1ай лараме бусалба нах!

 

Х1орш ду-кх лулахь хиларан декхарш, лулахо бусалба велахь я керста велахь, суннат лелош велахь я динан кхетам нийса боцуш велахь, Далла муьт1ахь велахь я 1еса велахь а. И декхарш дерриг а х1ума чулоцуш ду, дуьненахь, эхартахь а уьш кхочуш динарг декъал хир волуш. Вай дийцина долчу аяташка, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисашка а вай хьоьвсича, вайна билгалдолу, адам массо меттигехь дакъаздаларан бахьана - и декхарш кхочуш ца деш, шайн дег1ан лаамашна т1ехьадазар бахьанехь хилар.

Веза-Сийлахьчу Дала лулахочун хьокъехь вайна т1едехкина декхарш вай кхочуш дарца, декъал дойла вай!

 

Жайна х1оттийнарг - 1али Хьасан 1али 1абдул-Хьамийд

Рецензенташ - А.Шахидов, С.Магамедов

Жайна гочдинарг - Алиев Биксултанан Ахьмад

Редактор - А.А.Гайтукаев

Верстка - З.А.Махадаев

Дизайн - З.А.Байтуев


Популярное видео

ihlas-chistota-serdca1

Ихлас - чистота сердца...

hadj-islam1

Достоинства Хаджа...

dela-hehor1

Поминание Аллаха...

gillak1

Адаб (г1иллакх)...

JoomlaWatch Stats 1.2.8b_10-dev by Matej Koval