Шайх Мани
Сийлаллин беш кхиош долу исламан къинхетаме жовх1арш
ШАЙХ-МАНИ
(Легенда)
Кхачам боллуш, шех тешавеш язйина Бамматара миска Шах1аба, шайх Аль-Умми Аль-Мухьаммадан г1уллакххо а, йозанча а волчу, Дела реза хуьлда цунна а, вайна а.


Жайна зорба тоьхна Асадов Мухьаммад-Хьусайнан г1оьнца Темир-Хан-Шура г1алахь хиджран 1327-чу шарахь я григориански рузмица лерича-1906-чу шарахь.
Оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь духазорбатоха кечдина Нохчийн Республикан Парламентан Председателан Абдурахманов Дукхавахин т1едилларца, иза ша дакъалоцуш а волуш, яздархочо Гапураев Хьасана, Цоцин-эвларчу ларамечу шайхан Манин (Назиров Мухьаммадан) т1аьхьенах болчу нехан а, муридийн а г1оьнца.
ГРОЗНЫЙ=2008
Къинхетамечу, Догхьастамечу Аллах1ан дуьхьа!
Хьуна бо оха хастам Аллах1, Хьуна,Ахь Хьайн гергарчу нахана нийса некъ схьабелларна,царна хаарийн нур даларна хьайн пайхамарийн диканца,Цо даьхна церан дегнаш чохь стигалара беркатан ,хьекъалан шовданаш,нисдина церан карахула и диканаш вайга кхачош.Вай хастамаш бо Цунна Шегара къайлах долу хаарш вайна гайтина волчу,Цуьнан т1аьхьенашна а,асхьабашна, и нур бахьанехь даиман а толамашка кхочуш болчу.
Х1ара йоза дийриг миска Делан лай ву Цуьнан къинхетаме сатуьйсуш дерриге а Далуш волчу,Цо ло шех хьаьгначу сина дерриге а цунна мел дезарг.Со х1инца 1аьрбийн мотт 1амош юккъерачу бараме бен кхаьчна вац,лаккхара бохург дуьйцур а дац вай.
Шихабуддин ибн Сугаиб Бамматский Дег1астанхо.
Со шех кхеттачу хенахь сан сийлахь устаз Аль-Умми Аль -Мухьаммади, Мухьаммад ибн Назири Дег1астанара Цоцинский къадарин т1ерикъат чохь вара шари1атан лехамаш буьззина кхочуш а беш, вайн пайхамара ма-бохху.
Цуьнга и шайхалла Устради-эвлара Ибраьх1имера кхаьчнера,къадарийн т1ерикъатан некъ Эвтарарчу Баматрига-Хьаьжера,цуьнга -Илисхан юьртара шайх Кунта-Хьаьжера,шен заманахь жовх1ар хилла ша цхьаъ бен воцуш вара иза.Цо и т1ерикъат Эндарара Ташугара эцнера,цо-шайх Мухьаммад-Яраг1ера,цо-шайх Хасмохьмад Ширваскийгара,цо-Суктара Сиражддинера,цо-Сурийски Супъянера, цо-шайх Дауд Ат-Та1ера,цо-Мисрара Зиннунера,цо-шайхера Башир аль-Хафера,цо-шайх Ибраьх1им ибн Адхьамера,цо-шайх Фадилера,цо-шайх Атаба Аль -Гуламера,цо-шайх Хьабиб Аджамера,цо-Басрера Хьасанера,цо-шайх Хатим Ассамера,цо Балхера шайх Шакикера,цо-шайх Увайс Къарнегара,цо-шайх Ахьмад Аль-Бавадера,цо-шайх Муса Аль-Казимера,цо-шайх Джафар Садикъера,цо сийлахьчу г1оьнчера 1абдул-Къедир Гиланера,цо-шайх Мухьаммад Аль Бакирера,цо-шайх 1ела Зайнал-Абидинера, цо-шайх Хьусайнера,цо-шен дегара Асада Ар-Рахьмани 1ела Аль-Муртадагара,цо дерригенан эла волчу,стигланаша хьажийначу Мухьаммадера,Делера къинхетам а салам-Маршалла а хуьлда цунна,цо-Джабраил маликера,маршалла хуьлда цунна,цо - и схьаэцнера Дуьнанийн Да волчуьнгара,Сийлахь Лекхавоккхачуьнгара. Массарна а Дела реза хуьлда царна!
Суна хаалора цуьнгахь,Дела реза хуьлда цунна,вайн хьекъал т1екхуьур доцу х1уманаш,Дала ваийтиначух даккхийн хаарш дара цуьнца,и язлур долуш х1ума а дац.Цунна дика довзара адамаш,церан лазамаш,ларбора нах шайт1ана балех,динан новкъахь болчарна цуьнан башхаллаш юьйцура,1адаташ-б1арлаг1а бен яц олура.
Цуьнан г1уллакх дар суна тоьлла дин лелор хетара, цхьаболчу наха 1иттарш яхь а. Цо,Дела реза хуьлда цунна,суна малабора бакъдинан кад,со нийса новкъа валавора,ваьккхинера боданечу 1инах,соьга до1анаш дойтуш,сийлаллин беш долахь йолчуьнга даиман кхойкхуш вара и ша а шен ницкъ мел бу. Цул т1аьхьа, ас дийшира цхьадолчу адамийн йозанаш, царна т1ехь суна гира шайхо сайга дийцинарш, суна цуьнгахь хааделла х1уманаш. Эццахь ас сацам бира сайн шайхо, Дела реза хуьлда цунна, дуьйцург къасийдашкахь яздан. И гуллакх тоьлла хийтира суна цо дуьйцу х1уманаш комаьршаллица шуьга кхачо, вуьшта уьш дицлуш лаьттара, цуьнан беркат Дег1астана даржа лаьара суна.
Цкъа хьалха ас къасийда язйира шена чу б1е ткъей итт сов байт йог1у, стихан барам «Тавиль» хорманехь х1оттош, «даль» дашца мукъам нисбеш. Вайн ларамечу шайхан Аль-Умми Аль-Мухьаммадан г1уллакхех дуьйцу цо.
Цул т1аьхьа,ас къасийда язйира «та» эльпа т1ехь мукъам нисбеш,б1е гергга байт шена чохь йолуш, и зорбане ериг хиларе айса сатуьйсий а хоуьйтуш.Вайн шайха ша тайт1е ухку жовх1арш санна,цунна улло бехкира цхьайолчу меттигех болу кхетамаш,шен муридаш а,миска нах а кхетийтархьама.Т1аккха «Аль-Кафия» аьлла къасийда язйира ас «Къаф» элпаца мукъам беш,шовзткъей варх1 байт йолуш «мутадарик» барамехь. Масала, и къасийда йолало вайн диканах вуьзначу шайха дина г1уллакхаш довзийтарца,цунна бевза сийлахь нах а, бакъболу муридаш а хьахорца.
Цул т1аьхьа ас кегий къасийдаш язйина,шуна уьш гур ю коьртанаш ешна довлучу хенахь,царна ас ц1е тиллина «Дикана хьостанаш Дег1астанахь оьздангаллин беш кхиош долу».Ас доьху Лекхавоккхачу Аллах1е уьш цамгар шайца йолчу синошна дарбане хилийтар,кхоччуш уьш вочу ойланех дахарца. Хаалаш, И тоьлларг ву шуна дехарна жоп лучарах, х1умане сатуьйсуш болчарна!
Т1аккха ас доьху 1аьрбойн вежаршка,хьекъал долчу нахе:нагахь шайна кху къасийдаш(поэмаш) т1ехь г1алат я шаьш ца кхета х1ума карадахь,иза нисдар,г1алатна улло а яздина бакъонца тидар. Хетарехь,и иштта дича г1олий хир ду,нийса а хир ду. Х1унда аьлча,ас х1ара йозанаш дина готточу хьелашкахь,х1усаман дайшка болчу безамана,цуьнца цхьаьна,1аьрбойн мотт 1амон волалуш а волуш,цхьаммо а оцу йозанаш т1ехь нисвеш а воцуш,къаьсттана,26-чу шарахь 14-чу б1ешеран,адамийн синош боданах дуьзна долуш,карзахе,дегнаш дерригене бен доцуш хьоьжучу заманахь. Х1етте а,ас х1ара къасийдаш язйора боккхачу лаамца,муьт1ахь волуш дерриге а хезаш,хууш волчунна,кхоруш уьш Аллах1ана хьалха х1ур хилла ярна,мохехула д1асаяьржаш,къасийдаш ас сайггара кхоьллина хиларна,безамца.Уьш язъечу хенахь г1ан-набарха ас сих-сиха Къоранан сураташ дешара.Массарал дукха ас «Йасин» доьшура.Ас дийшира Къор1анан имама Мухьаммад ибн Сирин,Дала къинхетам бойла цуьнах,тидарш,хиира суна и доьшушверг бакъахьа новкъа волуш хилар.Иштта г1ена-кхоьлах, «Ад-далия» къасийда язъечу муьрехь,доьшура «Хьех» ц1е йолу сурат т1ера диканаш. «Бакъ ма ду и,царна,има а диллина диканаш деш хиллачарна, даиман йолу х1усам ялсаманин беш ма ю.Уьш даиман а цигахь хир ма бу, меттиг хийца лууш а хир ма бац».Иштта суна хиира цу имаман тидарш доьшуш,Къор1ан дешначун дахар деха хир ма ду,цуьнгахь дика хьал хир ду,адамашна юкъахь ирсе хир ву и,шена гонах долчу.
Цул т1аьхьа набарха ас дийшира , «Ат-Тахьия» къасийда язъеш волчу заманахь, муридийн г1иллакхех «Нухь»,маршалла хуьлда цунна, сурат т1ера: «Аш х1унда ца доьху Аллах1е хьастадаларца,Цо шу бес-бесара васт долуш ма кхоьллина».Суна оцу имама диначу тидарш т1ехь карийра йоза и аят дешначул т1аьхьа и милла велахь а хир ву оьздангалла ларъеш,цадог1ург доьхкуш адамашна т1ех1оттийна,иштта шен мостаг1ашна т1ехь даиман толам хир бу цуьнгахь.
Т1аьхьо ас дийшира «Накхармозий» сурат т1ера аят: «Дика диначунна и стаг велахь,зуда елахь,има диллиначарна,Оха зовкхен дахар лур ду царна,совг1аташ дийр ду,цара дечулла дуккха а тоьлла».Амма суна ца хаьара и сурат ас «Аль-кафия» къасийда язъеш дешний а,я «Ат-Тахьията» язъеш тиддий а.Суна оццу имама йиначу комментареш т1ехь карийра и аят г1енах дешначунна Аллах1а даиман а рицкъа латтор ду аьлла,и хир ву Мухьаммада(Делера салам-маршалла къинхетам хуьлда цунна!) герга озийначех,цунна цкъа а и гина вацахь а.И аяташ г1енах дешар боккха дика болх хийтира суна,Кхинхетамечун совг1ат,къасийдаш язъеш волчу суна доккха хазахетар а деара цо,уьш Дерригенах къинхетамбечо т1еоьцург хилар хаийтира.
Ишттаниг а хуьлура.И къасийдаш язъеш 1ашшехь суна наб озайора,суна уллохь хуьлура вайн шайх,Деле реза хуьлда цунна,иза а хуьлура со санна вижина,цо суна набарх хьехамаш бора,Къоранан цхьадолчу суратийн маь1нех со кхетавора,ша и йоза-дешар хууш вацахь а,суна цуьнах юкъара кхетам лора,хьоьхура къасийдаш юкъахь х1ун хьахьо деза бохучух а,басарш совдохуьйтура.Со самаваьлча,сан ира кхетам а,ц1ена ойла а хуьлура,хьекъалца даьхкиначу хаарша даиман дерш д1атоттура.
Бакъду,цхьайолчу заманахь цхьа г1урт хуьлура сан кхетамехь,шайт1ано шен хьехамаш бора,т1аккха уьш д1алохкура исбаьхьачу аматахь долчу малико,со воьлхура кхералой сайна Аллах1а 1азап даларна,гор вужий 1ара со къорано вожийча санна.Т1аккха суна дуьхьалх1уттура Дерригенан Да волчу Аллах1ан васт,Цо Шен къинхетаман цинц малабора суна,Ша аьлла ма- хиллара: «Т1ебалийна бу уьш шаьш лелочунна,дегнаш церан дегош ду дукха кхерабелла».Аят ду и.Даиман хуьлда-кх сан дагчохь и кхераман ц1е аьхна а,къинхетаме а йолуш,бакъ долуш,И-гечдеш,къинхетаме ма ву.
Тхан Дела,делахь тхох Хьайн лайш,харц тоьшалла ма дайталахь тхоьга,даьсса хабар дуьйцучарна уллохула а ма дахалахь кураллица, шайн Делан ц1е йохучохь къора,б1аьрзе хилла суждане ца боьлхучу.Амин!







