Вирд Мани Шейхан((Дала къайле тайойла)
Манина вирд доккху х1ор ламазан т1аьхьа. Аьтту куьг п1елгаш т1ехь дагардо ц1аза- п1елга т1ера дуьйна х1ор п1елга т1ехь кхузза олуш: боьххьехь, шинхьа п1елг сеттачахь.
Куьйг айан (ц1онгела лакхахь) хила деза, «А1узу-биллах1и минаш-шайткъанирражийм, Бимиллмх1и-Рохьманир-рохьийм», аьлла долор ду.
15-за Лаилах1а- илл-Аллах1у Мухьаммадаррасулуллх1 эр ду.
5-за Аллох1умма соли 1ала саййидина Мухьаммадина ва 1ала, али сайдина Мухьаммадин ва соллим эр ду.
Т1аккха мел д1а лур бу : « Аса динчу 15-за зикра мел, диллина салават мел Дала вазвинчу Элчанна Мухьаммадин бели ас-Делер салам маршал хийла цунна.
Шозлаг1а сай устазан Манийна а бели ас-Дала къайле тойойла цуьнан.
Аллоху1умма солли 1ала, саййидина Мухьаммадина ва 1ала, али саййидина Мухьаммадин ва соллим. Фатихьат» , аьлла Бисмилла доьшур ду куьгаш до1анна хьала лецна.
Т1аккха эр ду 10-а : «Везан Дела воккха Дела. Хьо везар, хьо вовзар лолахь».
Юха а салават диллина куьгаш юьхьт1е хьокхуш дерзор ду.







