Деди – Бауди вирд (Дала къайле тайойла)
Деди, Бах1а некъ лелош волчо доккхуш х1ара вирд ду:
Х1ор ламазна т1аьхьа (тасбихь а дина, до1а динчул т1аьхьа):
Ламаз Бисмалла - 1
Къул х1уваллох1у ахьад – 11
Пайхамарна (1.с.в.), солат – 5
Везан Дела!Ас дешначу ламаз Бисмаллех,11 къулха дешарах, 5 Пайхамарна (1.с.в.), солат диларах сунна болчуьнга терра болу мел, Хьоьгара салам- маршал хуьлда цунна, Хьайн Элчане Мухьаммад-Пайхамаре (1.с.в.) кхачабе Ахь, шайх Бахьага (Дедига), шайх Моллига кхачабе Ахь.
Т1аккха дийнахь-бусий цкъа доккху вирд:
Астаг1фируллах1 – 500
Ла илах1а иллалах1а – 300
Пайхамарна (1.с.в.), солат – 100
Т1аккха до1а дийр ду:
«Алхьамду лиллах1и роббил1аламин. Вассалату вассаламу 1ала расулиллах1.
Везан Дела! Ас 500 Астаг1фируллах1 аларх, 300 Ла илах1а иллалах1а, 100 Пайхамарна (1.с.в.), солат дилларх сунна болчуьнга терра болу мел,
Хьоьгара салам- маршал хуьлда цунна, Хьайн Элчане Мухьаммад-Пайхамаре (1.с.в.) кхачабе Ахь, цуьнан доьзалшка, асхьабашка кхачабе Ахь, сан устазе Бах1ага кхачабе Ахь, шайх Дедига кхачабе Ахь, шайх Эллах Моллига кхачабе Ахь, Элчан







