Абубакар-Хьаьжи вирд (Дала къайле тайойла)

Внимание, откроется в новом окне. PDFПечатьE-mail

Бисмиллах1иррохьманиррохьими аьлла къилбехьа вирзина охьа хуур ву ши б1аьрг д1а а хьаббина мотт стигал хьала тухурбу кхузза Ямад я Сайди эр ду. 25 астаг1фируллах1  эр ду. Вала деза сан валар хало ю  эзарза хье юккъе херх боьг1на юккъехула воькъуш санна, сан валар атта де ахьа везан Дела.

Вала деза сан валар хало ю эзарза оьртхан кол кийрахула чекх йоккхуш санна, сан валар атта де ахьа везан дела.

Вала деза сан валар хало ю эзарза йай чохь кхехкош санна, сан валар атта де ахьа везан Дела.

Лийриг ву со, велча моллас кхаа унна т1ехь лийчор ву со д1а керчош, схьа керчош лийчина ваьлча дахка дезача бамбеш а дехкина кхаанхьахула юкъ йихкина докъа ламаз дир ду сунна. Т1аккха сан муъмин вежарий чу а баьхкина цара хьала а айбина оцу кешний новкъа воккхур ву, цу новкъахь ворх1анхьа  йинчу к1елона т1е вуьгур ву со, цу варх1анхьа бакъонаш нийса жоп дала пурба ло ахьа суна. Т1аккха кешнашка д1акхочур ду, кешнийн до1а а дина, кешнийн керта а ваьккхина докъа ламаз  а дийр ду, т1аккха каш чу вилла д1а хьур ву т1аккха цхьаберш чу а биссина вукхара 1ункар чу кховдина кош чу лур ву. Аьтто аг1о к1елахь а йолуш аьтто бесни латтахьа йолуш юхь-марш къилбехьа ерзина пенах д1а тоьхна лахьти  чу д1а нисвийра ву, чу биссинарш сихха хьала а бевла чу латта хьокхур ду. Т1аккха за1ама а дешна, Ясин а дешна СА а меттехь сураташ а дешна сан муъмин вежарий ц1ехьа боьрзур бу суна церан  когий тата а хезаш. Т1аккха Мункир, Некир - ши малик дог1ур ду, цаьршинна бакъонца нийса жоп дала суна хьалхара, соьца цхьана цу лахьти чохь сан Устаз волу Абубакар-Хьаьжи вита.

Нур, бутт, малх, седарчий,1арш стигла дерриге г1аркъ дол кхин оццул, кхин оццул и нур делан Элчи хилла волчу Мухьаммад Пайхамарна даг т1е дели и Нур дийкъикха Шакъ Нокъшбанди зе1ана чу мел бог1учу ц1енчу шайхашна а Эвлияашна а даг т1е дели. Сан Устаз волу Абубакар-Хьаьжи даг т1е дели. Ьорура-баьццара жовх1арца лепаш догуш долу и Нур Делин шен дуьхьа  хьалха Делан Элчи хилар валчу Мухьаммад Пайхамар а сан Устаз  Абубакар-Хьаьжи тешна а волул и Нур сайн аьрру аг1ор долчу сан дог чу оза волу со аьлла и Нур даг чу узур ду.

Иллах1а анта макъсуда воридака мат1луби аьлла и са д1а до1ур ду.

Т1аккха кхузза Ла хьавла вала къуввата  эра ду, кхузза Элчана соловат дуьллур ду. Бут, малх, седарчий, 1арш стигла, латта, хи дерриге дуьне 1алам кхоьллинарг везан Дели хьо вукха, ахьа мел кхоллинчу массо х1уманаш цхьа х1ума ю со х1ора сайн дега меженаш сайн дег1е гул ян волу со аьлла шен дег1а меженаш шен дега гул йира ю.

Т1аккха фатихьат доьшур ду, кхузза къулха доьшур ду, т1аккха церан мел д1а лур бу. Бисмиллах1иррохьманиррохьими аса дешна хиллачу фат1ихьата  а къулханин а мел хьалха Делан Элча хила волчу Мухьаммад Пайхамарна бели аса, цул т1аьхьа  Шакъ-Новкъашбанди т1ерикъата чу бог1учу массо Шайхашна  а Авлияашна а бели аса, сайн  устаз волчу Абубакар-Хьаьжина а бели аса и мела.

Цул т1аьхьа пхи б1аь Аллах1 эра ду шен доккха даьккхина са кийра хьала а оьзна кхин са ца до1уш.

Иллах1и анта макъсуда варидзака  мат1луби аьлла долор ду суьлхьа даккха. И са д1а до1уш эра ду Иллах1и анта макъсуда воризака мат1луби. Нагахь и пхи го ца баккхалуш са до1аш юха  а эра ду и Иллах1и анта макъсуда варидзака мат1луби.

Популярное видео

ihlas-chistota-serdca1

Ихлас - чистота сердца...

hadj-islam1

Достоинства Хаджа...

dela-hehor1

Поминание Аллаха...

gillak1

Адаб (г1иллакх)...

JoomlaWatch Stats 1.2.8b_10-dev by Matej Koval