Ташу-Хьаьжий(Воккха-хьаьжа)Дала къайле тайойла цунна, вирд даккхар

Внимание, откроется в новом окне. PDFПечатьE-mail

Ас ният  до,  сан устазо Воккхачу Хьаьжас сайна т1едиллина вирд даккха, Делан дуьхьа, Аллах1у Акбар».

1) 3-зза шах1адат далор ду;

2) 15-зза Астаг1фируллах1 эр ду;

3) 100-зза Ла илах1а иллаллах1 эр ду;

4) 11-зза Къулх1а (Ихлас) доьшур ду;

5) 10-зза Пайхамарна салават дуьллур ду.



Вирд даккхаран мела д1абалар:

«Ас далийначу шах1адатан, аьллачу Астаг1фируллох1ан, динчу зикран, дешначу Къулх1анийн, диллинчу салаватан мела луо Ахь суна. Айхьа суна беллехь, Делан Элчане (Делера салам-салават хуьлда цунна) кхачабе Ахь, Делан Элчанан (Делера салам-салават хуьлда цунна) карахула сан устазе Воккхачу Хьаьжега кхачабе Ахь, Воккхачу Хьаьжин устазе кхачабе Ахь. Бала безачу бала а, кхачо безачу кхачо а, Воккха Хьаьжа, хьо да вина, хьоьга бели ас». Т1аккха, Пайхамарна салават диллина, "Фатихьат" доьшур ду.

Нагахь санна вирд 1уьйрана цхьаьний даккхахь, 3-зза шах1адат далийна, 15-зза Астаг1фируллах1, 500-зза Ла илах1а иллаллах1 аьлла, 11-зза Къулх1а дешна, 10-зза Пайхамарна салават диллина, мела цхьаьний д1алур бу.

Популярное видео

ihlas-chistota-serdca1

Ихлас - чистота сердца...

hadj-islam1

Достоинства Хаджа...

dela-hehor1

Поминание Аллаха...

gillak1

Адаб (г1иллакх)...

JoomlaWatch Stats 1.2.8b_10-dev by Matej Koval